Основная образовательная программа начального общего образования. Муниципальное общеобразовательное учреждение




Скачать 3.74 Mb.
Название Основная образовательная программа начального общего образования. Муниципальное общеобразовательное учреждение
страница 14/28
Дата публикации 11.05.2014
Размер 3.74 Mb.
Тип Основная образовательная программа
literature-edu.ru > Информатика > Основная образовательная программа
1   ...   10   11   12   13   14   15   16   17   ...   28

4-чуй классашкахь цхьаьнадог1уш (комплексно) къамел кхиор, грамматикин а, орфографин а пропедевтически курс.

Хьалхарчу классехь йоза-дешар 1аморан кхо мур бу: абатал хьалхара я кечамбаран муррий, деша а, яздан а 1амош болу абатан муррий, 1амийнарг т1еч1аг1деш болу абатал т1аьхьара муррий.

Абатал хьалхарчу муьрехь бераш 1амадо предложенеш дешнашкий, дешнаш дешдакъошкий, дешдакъош аьзнашкий декъа.

Абатан оццу муьрехь д1ахьо дешархой къамеле ладог1а 1амор лакхадоккхуш бен болх.

1-чу классехь йоза-дешар 1аморан чулацам билгалбеш программо тидаме эцна дешархойн кечам а тайп-тайпана хирг хилар. Цундела абатал хьалхара мур, цхьана аг1ор, иза школе дахкале берашна 1емина йолу лексико-грамматически материал карлаяккхаран мур бу, вукху аг1ор- йоза-дешар 1аморна кечамбаран а, къамел шардаран мур а бу.

Цуьнан 1алашо - школе дахкале барта къамелехь берашна карадирзина хаарш т1еч1аг1дар а, кхиор а ю; берийн бошмашкахь кечам банза долчу берашна ладог1а а, дийца а хааран юьхьанцара шардарш д1адахьар; вовшашца юкъаметтиг д1акхехьа а, йоза-дешар 1аморна а оьшшучу барамехь йолу дешнийн лексически хазна совъякккхар; шайх къамелехь алсам пайда оьцуш йолу дешнийн грамматически форманаш жигара яхар; шуьйра евзаш йолчу къамелан кепех пайда оьцуш предложенеш кхоллар а.

Дешнаш а, предложенера грамматически конструкцеш карайоьрзу берашна къамел дечу муьрехь (гайтаман г1ирсаш т1ехь а, урокехь а, урокал арахьа а ловзарш д1ахьош, стихаш дагахь 1амочу хенахь а, шена гинчух, хезначух лаьцна дуьйцуш

а, суьрташца болх беш а, упражненеш кхочушъеш а).

Абатал хьалхарчу муьрана юьхьанцарчу школашкахь 1-чу классехъ билгалдо 20-25 сахьт, дешархойн кечаме хьожжий. Йоза-дешар 1аморо шена чулоцу:

-дешан аьзнийн х1оттам а, цуьнан маь1на а, мукъа а, мукъаза а аьзнаш девзаш хилар, элп, аз къасто хаар, дешнаш, предложенеш йовзар;

-хаттаран, т1едожаран предложенех пайда эцарца диалог д1аяхьа хаар;

-схьааьллачун чулацамах кхеташ а, хаттарш даларца юхасхьадийца а, доцца сюжетни суьртийн чулацам т1ехь дийцар-жоьпаш дала хаар;

-юьхьанцара йоза-дешаран хаарш.

Йоза-дешар 1аморна кечамбеш аналитико-синтетически болх вовшахтуху: предложенеш дешнашка а, дешнаш дакъошка а, дакъош аьзнашка а доькъуш; аьзнех дешдакъош а, дешдакъойх дешнаш, дешнех предложенеш а кхуллуш.

Йоза-дешар карадерзочу хенахь барта къамел кхиоран болх а бу д1абахьа безаш, нохчийн маттахь яздан а, еша а хааран юьхьанцара бух а кхуллуш.

Йоза-дешар 1аморан муьрехь берашна йовзуьйту аз-элп ц1е йолу кеп, ткъа иза кхочушдо оза т1ера элпа т1е вигарца.

Абатан муьрехь бераша уьйр тосу къамелан аьзнашций, уьш элпашца гойтуш йолчу билгалонашций. Цара 1амадо элпеххий, дешдакъойххий дешнаш х1итто а, уьш д1адеша а. Цуьнца цхьаьна бераша 1амадо дешаран урокехь 1амийнчу рог1ехь, элпийн меженаш а, элпаш а яздан, вуьшта аьлча йоза карадерзадо. Аз а, элп къастош болу белхаш биллина вовшахтоха беза (хезаш язъен диктанташ).

Абатал т1аьхьара мур лексико-грамматически балхана лерина хуьлу. Цуьнан 1алашо дешархойн къамел кхиор ю. Боккха тидам т1ебохуьйту элпаш нийсаяздарна -каллиграфина. Меттан аьзнаш, дешнаш, синтаксически конструкцеш йовзарца цхьаьна, къамел даран тайпанаш а карадоьрзу царна (алар, ладог1ар, ешар, йоза).

Барта а, йозанан а къамел кхиоро х1окху муьрехь берийн кху тайпана карадерзораш хила дезар шена чулоцу:

-аьзнаш, аьзнийн цхьаьнакхетарш , дешдакъош ала а, буьйцучу нохчийн маттах кхеташ а хилар;

-йоза-дешар 1амочу хенахь диалог д1аяхьа хууш хилар; - кхеташ, шера, къастош еша хууш хилар; -каллиграфин лехамашна жоп луш, орфографин, пунктуацин бакъонаш ларъеш, йозанан 1аморан а, талламан а декъера белхаш нийса кхочушбан хууш хилар;

  1. чу классехь а гонахарчу дахарх лаьцна долу хаарш к1аргдаран, кхетош-кхиоран а, юкъара кхетам баларан а болх кхид1а а д1ахьо; 1-чу классехь санна йоккха меттиг д1алоцу барта къамел кхиоро. Билгалйоллу меттиг д1алаца еза цкъа хьалха орфографически, къамелан кечам бина д1ахьош болчу кхоллараллин белхаша. Билгалйинчу кепехь я юьхь йолорца диалог д1аяхьа карадерзор а кхид1а а д1ахьо, къастош ешар шардар а, нийсаяздар а кхид1а к1аргдо. Барта а, йозанан а къамел кхиор цхьана лексико- грамматически а, кхетош-кхиоран а, цхьана темина леринчу коьчал т1ехь д1ахьо.

  2. чу классехь кхул хьалхарчу классашкахь барта а, йозанан а къамел кхиоран декъехь карадерзийна хаарш шордеш, к1аргдеш болх кхид1а а д1ахьо. Берийн тидам къамелехь хандешнех, билгалдешнех, лач дожаршкахь ц1ердешнех пайдаэцарна т1е берзабо. 3-чу классехь меттан лингвистически, культурни кхетамашна т1еберзабо. 1амийнчу материала т1ехь юкъара маь1на до: ц1ердашах, билгалдашах, ц1ерметдашах, хандашах, дешт1аьхьенах юкъара кхетам ло. Оьрсийн маттахь род ю, хандешнаш яххьашца а хийцало. Вайн маттахь ц1ердешнийн кхо класс ю (божарийн, зударийн, кхийолу). Церан предлогаш ю, вайн - дешт1аьхьенаш. Х1ара а, меттан кхин а башхаллаш тидаме эца езар ю. Нийсаяздаран бакъонийн а, царах нийса пайда эцаран буха т1ехь кхоллало дешархочун йозанан, шех нийса олуш долу къамел. Цу декъехь алсам тидам т1ебохуьйту 1аморан сочиненешна а (ши х1ума юстарца йовзийтар, суртх1отторан кепехь дийцар), 1аморан декъера изложенешна а.

  3. чу классехь а, кхул хьалха йолчу классехь санна, коьрта 1алашо дешархойн барта а, йозанан къамел кхиор ю, гонахарчу дахарх болу хаамаш шорбеш, ши мотт (оьрсийн, нохчийн) анализ, синтез ян хаарца а, бустуш талларца а доьзна долу дешархойн лингвистически хаарш к1арг а деш. Кху кепара сочиненеш язъян хаар а карадерзон там болуш ду ( ойлаяран кеп шеца йолу дийцар, ши х1ума вовшашца юстуш язъен сочинени, суртх1отторан кеп шеца йолу сочинени-дийцар).

Комплексно къамел кхиоро шена чулоцу:

-школехь а, школал арахьарчу дахарехь а т1екареш д1акхехьа оьшучу барамехь ладог1а а, къамел дан а, еша а, яздан а карадирзина хилар;

-юьхьанцара школа чекхъяьккхича кхид1а а деша таро лучу кепара а, вовшашка парг1ат бистхила аьтто беш а болу дешнийн барам дешархочун хазнехь хилар;

-къамелан диалогически кеп практически карайирзина хилар (къамел дар, къамелаца къовсам д1абахьар); дешар т1ехь а, юкъарчу декъехь къамелехь оьздангалла ларъян хаар: салам- маршалла хаттар, 1одикаяр, баркалла алар, дехар дар;

-монологически къамелан т1еххулара форманаш карайирзина хилар: бинчу балхах лаьцна барта жам1 дар, цхьана билггалчу теманах лаьцна шена хетарг алар, планан а, хаттарийн буха т1ехь шен тексташ кхоллар;

-дешархойн къамел дан хааран хьуьнарш кхиор, шен маттахь вистхила а, вовшашца къамеле вала а хаар, кхид1а деша хьуьнар хилар;

-нохчийн мотт дуьнене болу хьежам совбаккхарехь а, кхечу культурашца з1е тасаран оьшуш болу г1ирс хилла д1ах1отта безаш хиларх кхетар.

Барта къамел кхиъна а, ешар карадирзина хиларал сов, дешархойн йозанан къамел, цуьнан хат1 карадерзоран хаарш а хила деза.

Юьхьанцарчу классашкахь йоза яздан 1аморан декхар дешархошкахь х1ара карадерзораш, шардарш кхиор ду:

- нохчийн дешнаш, дешнийн цхьаьнакхетарш, предложенеш, яккхий йоцу йозаелла тексташ т1ера нийса схьаязъян хаар;

-ладог1арца орфографически а, пунктуационни а бакъонаш ларъярца текст нийса д1аязъян хаар;

-шен дозаделла йозанан къамел кхиъна хилар (хаттаршна жоьпаш дала, 1аморан изложенеш а, сочиненеш язъян хаар).

Йозанан белхаш кхочушбеш тидаме эца деза иштта х1ора беран каллиграфически кхачамбацарш а: элпан д1асатаь1на хилар, цуьнан лекхалла а, шоралла а, сизал арадалар, элпан сурт талхийна хилар и д1. кх. а. Цу 1алашонца тетрадаш т1ехь элпийн хила ма-еззара йолу кепаш яла еза, церан вукху элпашца хоттадалар муха хила деза а гойтуш (1-чу классехь х1ора дешархочун тетрадаш т1ехь, 2-4 классашкахь- хаьржина).

Ц1енаяздаран урокашкахь кхочушбечу белхан барам 1-чу классехь 1 мог1анал лахара хила ца беза, 2-чу классехь- 3 мог1анал, 3-4 классашкахь- 3мог1анал.

Йоза яздан 1аморан г1уллакх чекхдолу дозуш долу къамел кхиоран хаарш, шардарш карадирзинчул т1аьхьа. Йозанан къамел кхиор 1-чу классехь дуьйна хаддаза д1адахьа деза тайп- тайпана кечамбаран упражненеш кхочушъярца. И упражненеш т1ехьажийна хила еза предложенеш нийса х1итто а, билггала, оьшшуш долу дешнаш далорца шен ойланаш йоцца, кхеташ а, царна юкъара бахьанин а, т1аьхьалонан уьйрийн кхетам луш, яло хаарна а.

Талламан диктантийн, 1аморан изложенийн, сочиненийн дешнийн барам 1-4 классашкахь школан тайпане хьаьжжина, хийцалуш хила беза, амма юккъерчу хьесапехь иштта хила тарло:


Белхан тайпа

1-ра класс

2-г1а класс

3-г1а класс

4-г1а класс

диктант

5-25

25-30

35-40

60-65

изложени

-

25-30

55-65

80-90

сочинени

-

20-30

40-50

70-80





1аморан а, талламан йозанан белхашна (хаттаршна жоьпаш, изложени, сочинени, диктант и д1. кх. а.) билгалдо к1ирнах 1 сахьт. И сахьт нохчийн маттана (грамматика, ешар) леринчу сахьташна юккъера схьаоьцуш ду. Изложенеш а, сочиненеш а 1аморан кепара хила еза. Бакъду, 4 классехь 1 талламан изложени язйойту. Изложенийн, сочиненийн тематика еххачу хенахь йовзийтинчу лексически темица йог1уш хила еза.

Нохчийн мотт 1аморехь кхиамаш хир бу, нагахь санна оьрсийн маттахь дешархоша карадерзийнчу хааршна т1етевжаш 1амош белахь. Масала, цхьатерачу грамматико- орфографически хиламех пайдаэцарца (аз, элп, мукъа, мукъаза аз боху кхетамаш; доккха элп; дош сехьадаккхар; предложених, дешдекъах, дашах болу кхетамаш и д1. кх. а.). Цара г1о дийр ду кхиамца материал караерзорехь а.

4 класс чекхйоккхуш дешархочунна нохчийн мотт тоъъал 1емина хила беза, кхид1а а деша аьтто бечу а, берийн вовшашца йолу юкъаметтигаш д1акхехьа таро лучу а барамехь.

Тематически планашкахь нохчийн мотт кхаа декъехь балийна бу: хьалхарчу декъехь теоретически хаамашца йозаелла теманаш а, ситуацеш а ю; шолг1ачу декъехь хьалхарчу пунктехь билгалйинчу темица йозаелла маттах лаьцна коьчал ю; кхоалг1ачу декъехь дешархочо кхочушден г1уллакхаш ду довзуьйтуш.

Систематически курс (практически караерзор) Кечамбаран мур (барта)

1. Коммуникативни г1уллакхаш кхиорца доьзна хаарш карадерзорна коьчал

Вовшашца йолу юкъаметтигаш д1акхехьаран теманаш, хьелаш. Алсам пайда оьцу тема-доьзал, 1ер-дахар, дешаран, дешархочун, хьехархочун юкъаметтигаш. Х1ора муьрана тема

билгалйо гонахарчу дахарна юкъара хиламаш билгалбахархьама. И бахьана долуш кхоллаяла тарло текст 1амочу маттехь. Бакъду, кхоллалучу хьелашка хьаьжжина теманаш кегийчу теманашка екъаяла а тарло, уьш а х1ора муьрехь шайн башхаллаш йолуш хир ю. Масала, юьхьанца алсам пайда оьцург ловзаран кепара тема елахь, мотт караберзарца доьзна и теманаш дешаран, х1ума довзаран декъаца а йоьзна хир ю т1аьхьа.

  1. Меттан материал, теманашца а, хьелашца йозаелларш, меттан т1ег1анашца билгалйина ю: лексика, фонетика, грамматика.

Лексически цхьааллаш караерзор шен-шен муьрехь д1ахьо, 1амош йолчу темига а, хьелашка а хьаьжжина.

Фонетика йовзийтар алсам шайх пайда оьцучу къамелан аьзнаш довзийтарца а, царах дешдакъош а, дешнаш а кхолларца гайтина. Нийсаяздаран пропедевтически курс ялийна йоза- дешар 1аморан декъехь. Цул т1аьхьа и курс систематически хуьлий д1ах1утту.

Грамматика йовзийтина типовой шайх олучу конструкцешца а (къамелан кепаш), царна беллачу кхетамашца а: дешархошна карайирзина хила еза грамматически кепаш.

  1. Текстийн коьчал.

Х1ума довзаран а, 1ер-дахаран а, ловзаран а кепара дешар 1аморан тексташ. Исбаьхьаллин тексташ (стихаш, туьйранаш, дийцарш) 1амийнчу темица а, хьелашца а йозаелла йолу.

  1. Культура кхиоран декъехула йолу коьчал:

-тайпа, тукхам;

-ц1е, ден ц1е;

-нохчийн а, т1еэцна а ц1ерш;

- тайп-тайпанчу къаьмнийн ловзарш.

Йоза-дешар 1амор

  1. Коммуникативни г1уллакхаш кхиорца доьзна хаарш карадерзорна коьчал

Вовшашца йолу юкъаметтигаш д1акхехьаран теманаш: доьзал, 1ер-дахар, 1илманан (берана самукъане а, пайден а хир йолчу кепара), ловзаран.

Теманаш: Школа. Доьзал. 1алам (ораматаш, дийнаташ). Стоьмаш, хасстоьмаш. Деза денош. Вина (йина) де (сан, сан гергарчеран, доттаг1ийн). Даймохк. Г1ала. Юрт. Вайн Республика, вайн мохк.

  1. Маттаца доьзна хаарш кхиоран коьчал.

Лексика: дош, цуьнан маь1на. 1амош йолчу теманашца дозаделла дешнаш карладахар а, жигарадахар а.

Фонетика а, орфоэпи а: аз хазарца къастор, мукъанаш, мукъазнаш, къоранаш, зевненаш нийса алар а, яздар а. Т1еэцначу дешнашкахь бен ца лела элпаш билгалдар.

Грамматика: дожарийн маь1на; къамелан дакъош; предложенеш: цхьанах1оттаман, шинах1оттаман (кху кепара: ц1ердош +билгалдош+ хандош); диалогически цхьааллаш: хаам -хаттар - ж оп.

Текстаца йозаелла коьчал

1аморан тексташ 1ер-дахаран кепара. 1амош йолчу теманашца йог1у дешаран, х1ума довзаран тексташ. 1амош йолчу теманашца йог1у дийцаран кепара исбахьаллин тексташ (стихаш, туьйранаш, дийцарш).

4. Культура кхиоран декъехула йолу коьчал:

  • х1ума юуш лело деза г1иллакх;

  • чохь, арахь лело деза г1иллакх;

  • ц1ахь кхобу дийнаташ (тайп-тайпанчу къаьмнийн);

  • ц1ахь кхобучу хьайбанашна а, дийнаташна а техкина ц1ерш.

Барта а, йозанан а къамел кхиор. Абатал т1аьхьара мур

  1. Коммуникативни г1уллакхаш кхиорца доьзна хаарш карадерзорна коьчал

Вовшашца йолу юкъаметтигаш д1акхехьаран теманаш: ловзаран, 1ер-дахаран, дешаран.

Теманаш: Ц1а. Доьзал. Вовшийн довзар. Школа: урок, перемена, каникулаш. Адам а, могушалла а. Дийнан хан, шеран хан, беттийн ц1ерш. Туьканахь, школан буфетехь, нохчийн къоман даарш. Транспорт. Туька: эцар, мах д1абалар. Хьуна хазахетарг.

  1. Маттаца доьзна хаарш кхиорна лерина коьчал.

1амочу темица доьзна долу дешнаш карладахар а, жигарадахар а. Т1еэцначу дешнашкахь бен ца лела аьзнаш: ф, ы, ё, щ.

Грамматика: х1окху дешнашца йолу (мегар ду, мегар дац) предложенеш, цхьанатайпанарчу меженашца йолу предложенеш. Диалогически цхьааллаш: хаам-хаттар-хаам, хаттар-жоп-хаттар.

Дилогически кепара х1ума довзийтарх лаьцна йолу 1аморан тексташ, 1амочу темица дог1учу туьйранашна а, берийн произведенешна т1ера а дакъош.

4. Культура кхиоран декъехула йолу коьчал:

-типологически гергара долу нохчийн, оьрсийн туьйранаш;

- вайн къоман сувенираш;

-Россин къаьмнийн деза денош;

-нохчийн къоман даарш;

-Россин халкъийн г1иллакхаш а, ламасташ а.

Комплексно къамел кхиор. Грамматикин а, орфографин а пропедевтически курс.

  1. Коммуникативни г1уллакхаш кхиорца доьзна хаарш карадерзорна коьчал

Вовшашца йолу юкъаметтигаш д1акхехьаран теманаш: 1ер- дахаран, дешаран, 1илманан-х1ума довзийтаран, социальни.

Теманаш: шеран хенаш (аьхке, гуьйре, 1а, б1аьсте). Нохчийн поэташ а яздархой, дукхаеза книга, халкъан туьйранаш. Космонавтика. Культурехь, 1илманехь, техникехь баьхна кхиамаш. Толаман де.

  1. Маттаца доьзна хаарш кхиоран коьчал.

1-3-чуй классашкахь фонетикехула, морфологехула, грамматикехула карадерзийна хаарш, шардарш жигарадахар. Синонимех, антонимех болу кхетам. Къамелан дакъош: ц1ердешнийн легарш; хандешан билгалза кеп, хенаш; билгалдешнийн дожар; яххьийн ц1ерметдешнаш, куцдешнаш, масаллин, рог1аллин терахьдешнаш. Предложенин цхьанатайпанара меженаш. Чолхе предложени (ткъа, амма, делахь а) хуттургашца.

Графика: элпийн ц1ерш, доккха элп адамийн, г1аланийн ц1ерашкахь. Орфографи. Пунктуаци. Къамел кхиор: диалогехь дакъалаца а, доцца монологически аларш а, чолхе йоцу йозанан тексташ а х1итто а, орфографически, пунктуационни а бакъонаш ларъеш яздан а хаар. Юьхьанцарчу школехь дешна волуш кхид1а а деша кийча волуш кхиийна хилар.

  1. Культура кхиоран декъехула йолу коьчал:

-нохчийн ц1ерш, фамилеш;

-нохчийн къоман ловзарш а, ловзоргаш а;

-нохчийн берийн эшарш;

-нохчийн халкъан деза денош, ламасташ, г1иллакхаш;

-нохчийн къоман даарш.
1   ...   10   11   12   13   14   15   16   17   ...   28

Похожие:

Основная образовательная программа начального общего образования. Муниципальное общеобразовательное учреждение icon Основная образовательная программа основного общего образования
Муниципальное казенное общеобразовательное учреждение средняя общеобразовательная школа №8 г. Бакала
Основная образовательная программа начального общего образования. Муниципальное общеобразовательное учреждение icon «Основная образовательная программа среднего (полного) общего образования»
Муниципальное казенное общеобразовательное учреждение средняя общеобразовательная школа №8 г. Бакала
Основная образовательная программа начального общего образования. Муниципальное общеобразовательное учреждение icon Основная образовательная программа начального общего образования....
Ммуниципальное общеобразовательное учреждение средняя общеобразовательная школа №1
Основная образовательная программа начального общего образования. Муниципальное общеобразовательное учреждение icon Основная образовательная программа начального общего образования...
Программа формирования универсальных учебных действий у обучающихся на ступени начального общего образования
Основная образовательная программа начального общего образования. Муниципальное общеобразовательное учреждение icon Основная образовательная программа начального общего образования
Планируемые результаты освоения обучающимися основной образовательной программы начального общего образования
Основная образовательная программа начального общего образования. Муниципальное общеобразовательное учреждение icon Основная образовательная программа начального общего образования
Планируемые результаты освоения обучающимися основной образовательной программы начального общего образования
Основная образовательная программа начального общего образования. Муниципальное общеобразовательное учреждение icon Основная образовательная программа начального общего образования. 2011 год
Планируемые результаты освоения основной образовательной программы начального общего образования
Основная образовательная программа начального общего образования. Муниципальное общеобразовательное учреждение icon Основная образовательная программа начального общего образования Содержание
Планируемые результаты освоения обучающимися основной образовательной программы начального общего образования
Основная образовательная программа начального общего образования. Муниципальное общеобразовательное учреждение icon Основная образовательная программа начального общего образования содержание
Планируемые результаты освоения обучающимися основной образовательной программы начального общего образования
Основная образовательная программа начального общего образования. Муниципальное общеобразовательное учреждение icon Основная образовательная программа начального общего образования
Система оценки достижения планируемых результатов освоения основной образовательной программы начального общего образования
Литература


При копировании материала укажите ссылку © 2015
контакты
literature-edu.ru
Поиск на сайте

Главная страница  Литература  Доклады  Рефераты  Курсовая работа  Лекции